Нохчийн меттан де!

25.04.2023

25-г1а апрелях тхан берийн бешахь Нохчийн меттан лерина д1аяхьна мероприяти. Нохчийн меттан де пачхьалкхан т1ег1ана т1ехь даздар дозалла ду. Боккха кхаъ а, доккха хазахетар а ду иза вайн дерриге а нохчийн къомана. Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла , къоман истори ларар ду. Вайн литература а, мотт а кхиорехь дуккха а 1илманчаш а, яздархой а бу къахьоьгуш. 2003-чу шарахь 23-чу мартехь т1еэцначу Нохчийн республикан Конституци т1ехь нохчийн мотт, оьрсийн маттаца цхьаьна, пачхьалкхан хилар д1акхайкхира. Цул т1аьхьа Нохчийн парламенто арадаьккхинчу «Нохчийн республикан меттан хьокъехь» долчу законо, нохчийн мотт а, кхидолу меттанаш а Нохчийн Республикехь леларан низам билгалдаьккхира.Оцу закона буха т1ехь Нохчийн респуликан куьйгалхочо Россин турпалхочо Р.А.Кадыровс куьг яздина 25 апрель-Нохчийн меттан де, аьлла.